Telegram
Онлайн библиотека бесплатных книг и аудиокниг » Книги » Историческая проза » Кхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров 📕 - Книга онлайн бесплатно

Книга Кхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

67
0
Читать книгу Кхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров полностью.

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 4 5 6 ... 38
Перейти на страницу:
лаьцна поэто Долматовскийс йаздина, бІаьхойн уггар дезачех цхьаъ хилла дІахІоьттина илли хІинца а дагахь хаьара Николай Кузьмична, хІинца а, цкъацкъа, ша висча, лоххачу озаца шена олуш меттигаш а йора. Дагахь лаьттара плакатан цхьадолу могІанаш а:

… «ТІемало-наьрт, тІемало-аьрзу, тІемало-рыцарь – иза йу турпалхочун-пулеметчикан, гвардин старши сержантан, комсомольцан Нурадилов Ханпашин бакъ цІе…

…Нурадилов Ханпашас шега схьаэцнера доьналла долчу нохчийн халкъан тоьлла гІиллакхаш: цуьнан турпалалла а, аьрзунан каделла а, цуьнан майралла а, къонахалла а, доьналла а…

… Нурадиловс шен пулеметца 920 фашист хІаллаквина…

… Хьажал хьо, бІаьхо, ламанан аьрзунан, турпалчу пулеметчикан Нурадилов Ханпашин суьрте! Кавказан турпалан, нохчийн халкъан кІентан бІаьхаллин хьуьнарш тІамехь доьналлин масал хуьлда хьуна а, хьан накъосташна а…

…ТІамехь кхерам хІун йу ма хаалахь, нохчийн халкъан доьналла долчу кІанта ма-иэшайарра, майрра иэшайелахь Іожалла…»

Дерриге а шен фронтан дахарехь политрук хилла Николай Кузьмич, газеташ доьшуш, дукхазза а тІеІитталора нохчийн халкъан кІенташкара дийлинчу тІеман хьуьнарех лаьцна долчу дийцаршна. Амма даиманна а цуьнан даг чохь висинарг Ханпаша вара. Ца дицдора тІаьхьа «Известия» тІехь ша дешна Нурадиловн коша тIехь цуьнан командиро диначу къамелера довха дешнаш а:

«Ламанан аьрзу! Иллеш дукхадезара цунна. ДІадевр ду шераш. Керлачу, хазачу зІаьнаршца лепар ду вайн дахар. Ткьа Нохч-ГІалгІайчоьнан ирсечу кегийраша, Донан мехкарша, Украинан кІенташа гвардин старши сержантах Нурадилов Ханпашех иллеш бохур ду».

Уьш дерриге а цхьана секундехь хьаьвзира Николай Кузьмичан коьртехь. Ткъа Берса, дІавоьгІча санна, ша хІоьттинчохь меттах ца хьовш лаьттара. Хьехархо, и шиъ шаьшша а витина, арайелира.

– Берса, хьан соьца гІуллакх ду? – хаьттира цо, шен ойланаш дІа а лаьхкина.

КІанта, вист ца хуьлуш, корта таІийра.

– Схьадийцал, цІахь бохам-м ца хилла вайна? Воккха стаг цомгаш хилла?

Берсас корта ластийра.

– Йа хьо хьуо могаш вац? Го суна, хІокху деношкахь йуьхь тІера бос байна, гІийла ву хьо. ЦІахь йуург йац хьан? Схьавоьл суна улло.

Берса, тІе а вахана, Николай Кузьмична хьалхха дІахІоьттира.

– Йу. Со а ву могаш.

– Ткъа хІун хилла хьуна?

– Николай Кузьмич, со сайн бехкенна ца летта Митех…

– Иза-м суна хууш ма ду. Ас-м ца вира хьо бехке. Цунна сецнера хьо?

– XIa-xIa. Митька коьртехь волуш цхьа масех кІанта, тІехбеттамаш беш, аравала а ца вуьту со…

– Забарш йеш ма хуьлу, Берса, – велавелира Николай Кузьмич, – забарш а йо, наггахь буй-тІара йеш меттиг а хуьлу, амма уьш тІаьхьало йолуш хІуманаш дац. Ас дош ло хьуна, Митькина тоххара дицделла хир ду шуьшиннан дов.

– Амма суна ца дицло. Диц а лур дац. Царна забар хиларх, суна забар йац цара йийриг… ТІехула тІе, иза йа дуьххьара а, йа суна цхьанна йина а ца Іа уьш…

– Ой, хІун ду иза, дан мукъане а? – цецвелира Николай Кузьмич.

Берсин ши бІаьрг хих буьзира, ца велха гІерташ, бухара балда чІогІа цергашца схьалецира цо. Логашад хьала-охьа уьдура. ТІаккха, жимма Іийна, берриге шен ницкъ тІе а гулбина, вистхилира:

– Бандит, фашист, йамартхо олий бен, сан цІе ца йоккху цара… Тхо, нохчий, Даймахкана йамарт хилла, бандиташ хилла, оха немцошна гІо дина бохуш, тІехбеттамаш бо цара…

КІант цхьа гІулч хьалха а тесна, велхаран маьхьарца шен маракхетча, дегІа тІера массо а чо ирахIоьттира цуьнан.

– Николай Кузьмич, ахь алахьа бакъдерг, – дерриге дегІ дегош, шен корта Николай Кузьмичан некха тІе а таІийна, воьлхура Берса. – Тхан йуьртарчу нахана бІаьрга а ца гина и бандиташ а, йа немцой a… Кхечахьа, генахь, хІун хилла суна хаац, со жима вара… Дадас а боху шена хІумма ца хаьа… Дядя Коля, алахьа, бакъдуй цара бохург?… Тхо, махках даьхна, кхуза схьа хІунда далийна?…

КІанта даррехь хьалхахІоттийначу хаттаро вохийра Николай Кузьмич. Мацах цкъа университетехь дуьненан историн муьлххачу а темина лаьцна кхиамца докладаш йина, лаккхара хаарш а, наггахь бен хуьлуш йоцу корматалла а йу бохуш, профессорша хестийна, шен эскаран декъехь тоьлла политрук хилла, шарахь сов хІор денна Іожаллина дуьхьал хІиттарх, цкъа а ца воьхна Николай Кузьмич, хІинца оцу жимачу кІанта велхарца деллачу хаттарна дуьхьал дала жоп ца карош, дегІе хьацар тоьхна, хиъна Іара.

– Ма велха, сан кІант, – элира цо эххар а, Берсин Іаьржа, жима корта шен некха тІе а таІийна, цуьнан гІоргІачу месех куьг а хьоькхуш. – Уьш цхьа а бакъ дац. Оцу масех кІанта, дуьххьалдІа хьо хьийзо шайггара даьккхина иза. Шу схьа хІунда далийна суна ца хаьа. Гитлеровски фашисташа болийначу кху неІалт хиллачу тІамо массо а ваьккхина шайн махках а, доьзалх а, йиша-вешех а. ХІинца цкъа цхьанне а дац атта. Амма хІинца тІом чекхбала герга бу. ТІаккха хуур ду вайна дерриге а. Ткъа хьо а жима ву. Цхьана а хІуманан ойла а ца йеш, тІетаIІий деша. Воккха хилча, Іилманах кхетча, хьуна хьайна а хуур ду дерриге а…

Николай Кузьмича, шен киснара схьадаьккхиначу кІайчу йовлакхца кІентан йуьхь тІера бІаьрхиш дІа а даьхна, цуьнан пханарш тІе а хевшина лаьттачу бекъачу букъах дайн куьг туьйхира:

– Ткъа хІинца уроке гІуо, сан кІант. Берашка а ас эр ду, ишттазабарш кхин ма йелаш аьлла…

КІант классе дІа а вигна, йуха чувеана Николай Кузьмич шена хьалхахІоьттинчу халачу хьолан ойла йан охьахиира. И дешнаш цунна хезнера хьалха а лахара кхетам болчу цхьацца баккхийрачу нахехь а. Амма баккхийниш совцо атта дара. ХІинца дерг ша ду. И зуламе эладита берашна йуккъе даржаро пайда бийр бацара. Амма, муха сацо деза иза? И эладитанаш бакъ дац бахарх, уьш совцур бац. Царца тІетаьІІина кхетаман болх бан беза. Муха, мичара дІадоло деза? Николай Кузьмична шена а ца хаьа бакъдерг. Амма иза тешна вара дерриге халкъ бехке цахиларх. ТІехула тІе, шайн заманахь Маркса а, Энгельса а лаккхара мах хадийна оцу халкъан. Цунах лаьцна диканиг аьлла Сталина а, Орджоникидзес а, Кировс а, кхин дуккха а большевикийи партин деятельша а. Ткъа хІинца хІун хилла? Ца хаьа. Нагахь оцу гІуллакха тІехь цо политически гІалат далийтахь, тІаккха а хир ду гуттар доьхнарг. Амма гІуллакх иштта дуьтийла-м йац…

Дуккха а ойланаш йиначул тІаьхьа, цо сацамбира суьйранна педсовет гулйан. Оцу дийнахь шеца хилларг а, шен хилла сацам а зудче дІабийцира цо.

– Хаац суна-м, Коля, хьуна хІун аьлла хьехар лур ду, – элира. Мария Петровнас, майрачуьнга леррина ла а доьгІна, тІаккха, дикка ойла а йина, тІетуьйхира: – Ахь схьалаьцнарг политически маьІна долуш гІуллакх ду. Цхьа бехк ца баьлча, дийнна халкъ махках доккхур дац. ДІогахь, коьрттехь хиъна Іаш Сталин ма ву дерриг хууш, гуш а. Цхьа бахьана ца хилча, цо хуьлуьйтур ма дацара иза.

– Сан даго ма боху соьга, кхузахь дийнна халкъ бехке хила йиш йац, – шениг дуьйцура Николай Кузьмича. – ХІан-xIa, Maшенька, со советски стаг, коммунист а ву, со Іелур вац бакъдерг

1 ... 4 5 6 ... 38
Перейти на страницу:
Комментарии и отзывы (0) к книге "Кхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров"