Telegram
Онлайн библиотека бесплатных книг и аудиокниг » Книги » Историческая проза » Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров 📕 - Книга онлайн бесплатно

Книга Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

65
0
Читать книгу Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров полностью.

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 16 17 18 ... 167
Перейти на страницу:
дебо, къам кхио. Къанделла кIелдисча, тхаьшна гIортор, гIовла хилийта. Дай, вежарий, майранаш, кIентий тIамехь байъича, оха, наноша, зударша хIун до хIокху дуьненахь даьхна? Тхоьга ларлур йуй къоман маршо, бусалба дин? Болатал а, Соипал а тIаьхьа суна маршо а, нийсо а ма ца оьшу. Дуьне а ма ца оьшу. ХIетте а кхета, хьекъале бахка дагахь а бац нохчий. ХIapa тIаьххьара цхьа ткъе итт шо лаьттинера тIом боцуш, наной ца белхош, машаре. Цул хьалха шаьш лайна халонаш а, баланаш а, шайна хилла бохамаш а, дерриг а дицдина, йуха а изза къематде хIотто, тIом боло гIерташ карзахбевлла нохчий. ХIокху аьхка Нохчмахкара цхьацца йарташ Iедална дуьхьалъевллера. Шаьш паччахьан Iедал дIадоккху бохуш. Цига далийнчу эскарша тIе йаккхий тоьпаш йитти царна. Нах лийци. Кхета, хьекъале а, иймане а бахка дагахь а бац нохчий. Массанхьа а къоланаш, талораш. Вайн жимачу йуьртахь а барт бац. Масех тобане а бекъабелла, вовшийн мостагIий а хилла, жоьжахатахь санна, хан токхуш бу. Эхь-ийман а, йахь-оьздангалла а, къинхетам а бохурш дIадевлла. Хаац, нагахь санна кхин иймане, хьекъале ца дагIахь, дуьне а, эхарт а декъаза хир ду-кх вайн къоман…

***

Нохчийн округан начальникан полковникан Белликан омрийн журнала тIера

1857 шo. 29 август. № 18.

Аш йарташка балийна молланаш го суна. Царах цхьаболчарна йоза-дешар ца хаьа, шайн декхарш а ца хаьа, тIехула тIе данне а хьекъал а дац церан. ХIетте а йуьртдайн гIуллакхашна йукъа а гIерта уьш.

1857 шо. 13 сентябрь. № 21.

Зуламхо, къу Iедале дIавийцар а, суьдехь цунна тоьшалла дар а эхь лору нохчаша, ткъа къола, талор, кхидолу зуламаш дар эхь ца лору. Цундела нохчашна йукъахь ун хилла даьржина къоланаш, талораш, кхидолу акха гIиллакхаш а, гIуллакхаш а. Мелла а низамечу цхьана пачхьалкхехь и тайпа акха гIиллакхаш лелаш цахилар дIахоуьйту ас халкъе. Оцу пачхьалкхашкахь, кхетамечу къаьмнашлахь муьлхха а зуламхо Iораваьккхина, Iедале дIавийцина, суьдехь цунна тоьшалла дина стаг халкъо лоруш а, сий деш а ву. И шайн акха гIиллакхаш а дитина, дуьненарчу массо а пачхьалкхаша, массо а къаьмнаша тIелаьцна кхочушдо законаш а, гIиллакхаш а аш лерахьара, кхочушдахьара, шуна йукъахь къоланаш, талораш, кхидолу зуламаш а хир дацара.

1858 шо. 25 февраль. № 13.

Халкъе дIахаийта зуламийн зама дIайалар, къоланаш, талораш, кхидолу зуламаш дечарна таIзар а деш, хьанала къахьоьгуш, Далла хастам а беш даха дезар.

Нохчий! Шуьгахь хьекъал а ду, шун могашалла а йу, шун дика латта а ду, аш болх бахьара, хьанала къахьегахьара, шу хьоле, шун дахар ирсе хир дара.

Наибаш, йуьртдай, къаной! Сан дехар ду шуьга. Шу халкъо лоруш нах ду. Паччахьан лаам халкъе дIакхачо а, халкъ цунах кхето а декхар ду шун. Къоланаш, талораш, кхидолу зуламаш а дитина, вовшашца девнаш а дитина, нохчийн халкъ хьанала къа а хьоьгуш, бертахь, машаре даха лаьа паччахьана.

…Оьрсашца машар цахиларе кхойкхучу молланийн хьехамаша доккха зулам до нохчийн халкъана.

1859 шо. 14 январь. № 6.

ГIуларой! Шуна йукъахь ши стаг ву шуьга Iедална, хьаькамашна муьтIахь цахиларе кхойкхуш; чIогIа а, дукха а маьхьарий хьекхарна, аш хьекъале а, Iелам а лоруш. Аш цаьрга лерина ладоьгIча, и шиъ мел воккха ши Iовдал а, зуламхо а ву, хуур дара шуна.

1860 шо. 7 январь. № 1.

Къушна гIожмаш тухуш, ас таIзар дайтарна нохчий реза бац бохуш, хезна суна. Цхьа а таIзар а ца деш, маьрша буьтийла ма дац уьш. Цундела наибашка омра до ас: йарташкахь халкъ гулдай, хатта, къушна гIожмаш а тухуш, таIзар дан лаьа шуна йа уьш Сибрех бахийта лаьа шуна? Халкъана луург суна тIекхачаде.

IV корта. БУЬЙСАНАН ХЬАША

Буьйса. Некъо валий со кху эвла.

Диллинчу корах схьайогу серло.

Кхуьнга сатуьйсуш геннара веана

Со лаьтта, ладоьгIна гIовгIане…

М. Мамакаев

1

Эзар исс бIе пхоьалгIачу шеран чиллин шийлачу буса Гати-Юьрта вуьйлира цхьа некъахо.

Бутт гIушлакха баьллера. Куьйга дIасакхийсича санна, стигалахь даьржинчу седарчаша серладаьккхинера лайн кIайчу шаршуно хьулдина Iалам.

Хан йоцчу хенахь баьссачу урамехула воьдучу некъахочо безза ког боккхура. Хеталора, цуьнан когарчу йомеш летийнчу, тишачу, йаккхийчу валенкаша иза, йуха а озийна, аркъал охьатухур ву. ГIорийнчу валенкаша а, цо лаьтта луьйзучу шогачу гIожо а, ког мосазза боккху цIийзачу лайн гIовгIано а, наггахь тухучу йекъачу йовхарша а меттахъхьедора шиний агIор керташкара жIаьлеш. Амма уьш, шаьш Iохкуш йохйина меттиг а йитина, ураме довла мало йеш, дегаза жимма багош а тухий, дIатуьйра.

Букар хьаьвзина воьду некъахо, ураман некъаш къаьстачохь йа морзахдовлучохь соций, шен дегI а нисдой, гонаха бIаьрг бетташ, цхьана ханна хIуттий лаьттара, тIаккха, доккха са а доккхий, шен ги тесначу стоммачу гатанан тIоьрмиган доьхкарш белшашкахь нисдой, меллаша дIаволалора. Йуьрта йуккъе мел гIоьрти, лагIлора цуьнан болар, сецар а дукха хуьлура.

Эвла йуккъерчу рузбанан маьждигна тIенисвелча, буйна къевлинчу хьозанан санна, чехка тохаделира цуьнан дог. Говзачу куьйгаша цистина тIулг нийса хьажош доьттина хIара маьждиг а, лаккха хьалайахана момсар а бодашкахь лехнера цо, ша йуьртана герга гIоьртича. Амма бIаьрса гIелделлачу цунна генара ца гира уьш, ша царна тIеIоттаваллалц.

Маьждиган майданара дIасадоьлхучу некъашка бIаьрг а тоьхна, тIаккха дуккха а тилавелла леллачул тIаьхьа некъ карийнчу стагах тера, цIеххьана ша лаьттачуьра меттахваьлла, царах цхьана новкъа дIаволавелира иза.

Шина aгIop тIекхозаделлачу бIарийн дерзинчу дитташна кIелхула болчу урамехула хьалавоьду некъахо, цхьа-ши бIе гIулч дIавахча, гу тIехь хIоттийнчу шина чуртана тIекхаьчча, жимма сецира. Кошан барз боцу уллохь долу и ши чурт Сибрехь йа Хонкарахь докъаза байначеран безамна доьгIна хила тарлора. Царах цхьаннах букъ а товжийна, вехха лаьттира некъахо. Кхузара дIа цунна, керайуккъехь Iуьллуш санна, шера гора йерриг а йурт. Генна, лаха чуьра схьа, къорра хезара чехкачу Яьссин гIовгIа. Дехьо йуккъехь цхьа нIаьна кхайкхира. Дукха хан йалале шозлагIа декачу котаман гIовгIано дуьзира xIaваъ.

«ХIокху йуьртахь, и гIийла серлонаш къегачу цхьана цIенош чохь, бийшина Iохкуш хир бу сан кIентий. Айза а… КIентийн бераш а…» – ойла йира цо.

Некъахочун дог тохаделира, кхоьлина йуьхь гIийлла йекхайелира, кIадделлачу дегIе цIеххьана ницкъ беара.

Чехкка волавелла, Iинца хьала а вахана, лакха маьIIехь, бIарийн къеначу дитташна кIел, сецира иза. Гонаха керт йоцуш, дIатесна беш гича, тIепаза дайра масех минот хьалха цуьнан даг чу иккхина воккхавер. Леррина гонаха дIаса а хьоьжуш, бодашкахь цхьа хIума лоьхура цо. Цуьнан сецар а, лелар а дегIах цIе хьаьрчина хьийзачу адамах тарлора.

Дуккха а иддачул тIаьхьа бешан малхбузе маьIIехь лаьттах дикка хьалаайбелла къаьстачу борза тIехь сецира иза. И барз мацах цкъа кхузахь хиллачу цIенойх йисина херцораш йара.

Оцу борза тIе а хIоьттина, гонаха гIийлла бIаьрг беттара цо. Амма цунна ца карадора ша лоьхург, шен доьхначу дагна там

1 ... 16 17 18 ... 167
Перейти на страницу:
Комментарии и отзывы (0) к книге "Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров"