Telegram
Онлайн библиотека бесплатных книг и аудиокниг » Книги » Историческая проза » Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров 📕 - Книга онлайн бесплатно

Книга Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

61
0
Читать книгу Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров полностью.

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 141 142 143 ... 167
Перейти на страницу:
хир бац, уьш вайн махкара ара а бевр бац, аш лелориг шариIатана дуьхьал ду, и некъ дIатасахьара аш алар а ша дара. Aмма Зеламха халкъан мостагI ву, иза вийначунна, цунах халкъ маршадаьккхинчунна Делера йал хир йу бахар йамартло хета суна.

– Бакъ ду иза. И къамел Зеламхе шегга динехьара дика хир дара. Йа нохчийн цхьана гуламехь. Ткъа мостагIчун Iедалан барта, цуьнан лаам кхочушбарца шен къоман стаг сийсазвеш, цунна дуьхьалваьлларг йа кIилло, йа мостагIчунна вохкавелла хила веза.

– Зеламхе дуккха а наха баьхна, хьо бахьана а лоьцуш, Iедале нахана бохамаш ма байта. Соип-Моллас а, кхечара а. Ас а дина и къамел. Хьо маьрша вита дош а даккхий, Iедална тIе гIo. Ца гIахь а, хьаькамаш байар а, талораш дар а дита.

– Аьрстхойн Саламбека диннарг дахьара цо.

– И ца лаьа Зеламхина. Шен ден да, да, ден вежарий, вежарий, шичой байарна Iедална огIазвахана иза. Шен дегIа чохь са мел ду, халкъан мостагIех бекхам оьцур бу ша, олу цо.

– ХIета цо а, и санначара а и шаьш схьалаьцна некъ дIа ца тасахь, вaйн халкъ даим балехь, бохамехь лаьттар ду. Иза а, важа а хилийта бахьанаш мостагIчунна дуьйлуьйту цхьаболчу нохчаша. Ткъа жимма а нохчашкара бахьана даьлча, оьрсийн Iедало вайн халкъ, бIарздой, хьийзадо.

ТIаккха цаьршиннан къамел дукха хан йоццуш Хорачахь хиллачу бохамна тIеделира. Кхабар йуьртана тIедожийна кхуза балийна гIалагIазкхий талораш дан а, зударшца эвхьазбийла а боьлча, царна дуьхьало йинера бахархоша. Церан коьртехь вара йуьртден гIоьнча Амин Товсолта. Шиний агIорхьарчара герз тоьхча, цхьа гIалагIазкхи вийнера, шинна чевнаш йинера. Амма алсам бохам хорачошна хиллера. Оцу девнехь Товсолта а, БацигIарах да а, ши кIант а, лулара жима йоI а дийнера.

– Муха ловр ду иза? – доккха садаьккхира Iелас. – Iедало халкъана тIехь цхьа къиза акхаралла лелийча, Iедална дуьхьал дерриг халкъ гIотту йа цуьнан цхьаболу кIентий гIовтту бекхам эца. Иштта, йеха цхьа зIе хилла, схьадогIу xIapa хIокху тIаьхьарчу шина бIе шарахь. Делахь а, деккъа герзаца, тIамца, майраллица толам баккхалур бац вайга.

Овхьадана чIогIа халахетара нохчийн къоман тхьамданийн барт бохар. Цуьнан дог даьллера шалха цIоганечу нохчийн хьолахойх а. Цхьана aгIop, Россин Iедалца шайн йукъаметтигаш галйаха ца лаьара хьолахошна. Петарбухехь, Москох, Ростох, Новгородехь, Харьковхь, кхечу а шахьаршкахь гIарабевллачу совдегаршца уьйраш йолчу церан шайн товараш цигахь дIадохка а, цигарнаш кхуза схьакхехьа а дезара. Россин банкашкара кредиташ а оьцура цара. Цундела Iедална хьалха къайлах цхьа цIога лестадора хьолахоша.

Вукху агIор, царна новкъа бара хIокху нохчийн мехкан дай хилла, кхузахь когаш хецна паргIатбевлла, охьахевшина оьрсийн, немцойн, англичанийн, французийн, бельгийцийн, эрмалойн хьолахой. Кхузара мехкадаьтта, заводаш, фабрикаш, банкаш, туьканаш шайн долахь хила лаьара. Цундела нохчийн хьолахоша къайлах шалха цIога лестадора Зеламхина а, Iедална реза боцчу, мелла а Iедална дуьхьал болчу муьлххачу нохчашна а хьалха.

Овхьад дIавахча, пхьуьйра ламаз а дина, вирд даккха Iела охьахиъча, «даргI-диргI» аьлла, неIарш тоьхна, вовшашна хьалхавала къуьйсуш, хьуьхьвоьлла садоьIуш, цIа чу иккхира Iусманан ши кIант. Церан йаххьаш тIехь воккхавер а, дозалла а гора. Ша-ша хьалха ала гIepташ, вовшийн дIаса а тоьттуш, шаьш деанарг цхьатерра схьаIанийра цаьршиммо:

– Дада!

– Ва, дада!

– Эвла Зеламха веана!

– Вайга вогIуш ву, боху!

– Хьо волчу!

Iела шайга хаттар дан а кхиале, тIекIел неIарх ара а иккхина, вахара ши кIант.

Геннара схьа говрийн бергийн татанаш а, летачу жIаьлин гIовгIа а хезара. Уьш тIаьхь-тIаьхьа гергагIертара. Шина кIантана цхьаъ тарделла хир ду-кх бохуш, хиъначуьра меттах а ца волуш, суьлхьанаш хьийзош Iapa Iела. Амма дукха хан йалале говрийн бергийн татанаш севцира церан кетIахь.

Аравала дагахь хьала а гIеттина, шена тIе бедарш йуха хIoьттиpa иза. Амма хIapa лелла валале керта-арахь нехан къамелаш хезира кхунна.

2

НеIарх хьалха чуваьлла Доша, Iелига салам а делла, шена тIаьхьа вогIучу хьешана некъ буьтуш, дуьхехь сецира.

– Iела, xIapa Зеламха ву. Хьо ган а лиъна, схьавеана xIapa.

Iелина тIевеара верта а кхоьллина, бIаьргаш а, мара а бен ца гуш, боьмаша башлакх хьарчийна, йуккъерчу дегIара стаг.

– Ассалам Iалайкум, суьйре дика хуьлда хьан, Iела!

– Ва Iалайкум салам, марша вогIийла хьо а, Зеламха, – куьг кховдийра Iелас.

– Маршалла хуьлда хьуна а, Iела, – шен ондачу, доккхачу шина куьйга йукъакъевлира цо Iелин куьг. – Даийта дика а долуш, Дала вон ма доуьйтийла кху хIусамашка.

– Дала могаш-маьрша, диканца дукхавахавойла хьо а. Дала йуьхьIаьржонах, йамартлонах, тешнабехках ларвойла хьо. Делахьа, ма дика ду, Доша, шу даьхкина. Же, дIайаккхалаш тIера сов-ков хIyмa. ОхI, Дала догдика де шуьшиннан…

ТIекхоьллина верта а, коьртах хьарчийна башлакх а цо дIайаьккхича, коьртера когашка кхаччалц Зеламхе бIаьрг туьйхира Iелас. Йуьхьиг охьа а йерзийна коча тесна дошлойн топ, некха тIехь морзахйохуш йихкина патармийн кхо гIап, йукъахйихкина кхелина шаьлта, ши тапча.

– ХIоккхуза валий, охьахаал, Зеламха. Товханна уллохьа. Доша, хьайна а цхьанхьа охьахуийла таръехьа. Iусман, шайн нана могаш йац аьлла йахара Медана. КIант вахийтахьа цунна тIаьхьа.

Йукъахара схьадаьстина цхьадолу герз Дошега дIаделира Зеламхас, амма, ша охьахууш, топ шена улло дIахIоттийра. Бехкалдаханчу цуьнан бIаьргаша шера схьабохура: «Хьох-м тешара со, хIусамда, амма хьо доттагI хиларх, мостагIий дуккха а бу сан. Уьш ма бу даим сема, сакх, ас дIа мел боккху ког тергалбеш. Хьанна хаьа, xIокху минотехь уьш хьан цIенна тIетекхаш бу-бац? Иштта ду обарган дахар – нехачул бIаьрг сирла, лерг сема, хьекъал ира, куьг каде, массо хIуманах ларлуш хила веза иза».

– ТIаккха, Зеламха, доьзалера хабар дуй? Хьан могашалла а муха йу?

– Дала могаш-дика кхобу со-м, Iела. Доьзалера хабар а дац. Шу хоьттуш Iийра со-м Iусмане.

– Дала деллачу хьолехь дохку тхо а.

XIopш вовшашка хьал-де хаьттина, дара-дацара аьлла, бовлучу йукъана араиккхинчу Iусмана шен кхоъ бен боцчу уьстагIех цхьаъ бийна, тилийна чубеана, дукъох боллучу мIерах васхал хьалаоьллира. Шаьш кхоъ вовшашка цхьацца хеттарш деш, къамеле ваьлча, Iелас даим шена дагахь лаьттачун ойла йора. Зеламха вуьйцу хезнера Iелина. Делахь а шен ойланашца иза мила ву, ца хаьара. Иза ша волчу хIунда веана хаа а сагатделлера цуьнан. Haхa дийцарехь, Зеламха oбapг ваьллера зударшна тIехула даьлла дов бахьанехь. Амма луралла хьаьрчина стаг лечкъаш лела, чIирхоша ша витталц, йа валлалц. Доьзалца йуьртах а волий, генна кхелхий а воьдий. Лурбоьллачу нахах наггахь бен ца волу талораш дийриг, ца ваьллачу денна, тIетовжа кхин меттиг ца хилча, дуучу рицкъана, тIедухучу барзакъна, герзана лорий. Иза къехка шена тIе кхин керла цIий дожарх. Цунна ца лаьа Iедал шена дуьхьалдаккха. Шера хаьа шина мостагIчух – чIирхойх а, Iедалх а – ларвала шен ницкъ кхочур боцийла. Лурвоьлла стаг деккъа шен цхьа са дадийна лела. Ткъа Зеламха? Обарг ваьллачул тIаьхьа керла масех цIий хьарчийна цо шех. Iедална зулам дарх-м муххале а

1 ... 141 142 143 ... 167
Перейти на страницу:
Комментарии и отзывы (0) к книге "Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров"