Telegram
Онлайн библиотека бесплатных книг и аудиокниг » Книги » Историческая проза » Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров 📕 - Книга онлайн бесплатно

Книга Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

65
0
Читать книгу Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров полностью.

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 10 11 12 ... 167
Перейти на страницу:
а, сий деш а масех стаг ву Нохчийчохь. Эвтарара эвлайаъ Баматгири-Хьаьжа а, Шелара Соип-Молла а, ГIойтIара Элдарханан Таьштамар а, Сиржа-Эвлара ШериповгIеран Жамаьлдин кIентий а. Кест-кеста цаьрца цхьаьнакхетар а, царах дагавалар а хуьлу Зеламхин. Иттех де хьалха Соип-Молла волчохь хилира иза. ХIетахь Соип-Моллас дийцира цуьнга, Ведана гIопехь набахте чу воьллина Гати-Юьртара цхьа жима стаг ву аьлла. Цуьнан дай Шелара хилла. ХIинца а цуьнан геннара гергара нах бу кхузахь, оцу кIентан бала болуш а бу. КIентан ден да ДанчIа хилла, да Болат хилла, цуьнан шен цIе Соип йу. Болатан да-нана Хонкарахь дIакхелхина шовзткъа шо хьалха. Iаьлбаг-Хьаьжа имам волуш, цуьнан герггара гIоьнча хилла Болат, Сибрех вохуьйтуш, Соип ненан кийрахь хилла. Болат, хилларг ца хууш, Сибрехь вайна ткъе ворхI шо ду. Къона йолуш дуьйна и цхьа кIант а кхобуш, къанйелла цуьнан нана. Соип-Моллас дийцира, Соип стенна бехке вина, лаьцна.

– Кестта иза Соьлжа-ГIала дIавуьгу бохуш, хабар ду. Цига дIавигахь, суьдо вен кхел йийр йу цунна. Вуьйр ву. Йа шен оьмарна Сибрех каторге вохуьйтур ву. Лаххара таIзар – 20–25 шо хан тухур йу. ТIаккха, шен да санна, Сибрехь доьза вовр ву иза. Соип дIаваьлча, церан цIийнан кIур бов. Нагахь санна, шайна зен-зулам а ца хуьлуш, и кIант кIелхьарваккха аьтто хилахь, Соьлжа-ГIала дIавуьгуш, новкъахь иза кIелхьарваккха хьовсийша.

Зеламхас дош делира Соип-Моллина оцу тIехь шен ницкъкхочург дан.

2

Оцу дийнахь Зеламхе гIайгIане ойланаш йойтуш, къамел хилира цуьнан Соип-Моллица. Зеламхас шегара бала балхийра цуьнга. Бехк-гуьнахь а доцуш, шайна тIедеана мостагIалла а, Iедало зударшца, берашца цхьаьна йуьртах арадаьхна, акхарой санна, лаьмнашкахула, хьаннашкахула лечкъаш, шаьш кхерсташ лелар а.

– Гой хьуна, Зеламха, Дала ваьшка ма де бохург а дой, иза ваьшна бохаме даьлча, Делан кхел йу лелларг, олу вай, йа бехк цхьаьннан коча бохуьйту. Шайна хиллачу бохамашна ахь ЭлсангIар бехке бо. Шайга хаьттича, ЭлсангIара шу бехке дийр ду. Ткъа бехке шу шинне агIорхьарнаш ду. Дала бусалба адамашна гайтинчу цIенчу, нийсачу шариIатан некъа тIера девлла лелла шу. IалайхIи салам, Мухьаммад-пайхамарехула бусалба адамашна Къуръан доссийна Дала. Оцу Къуръанца Мухьаммад-пайхамарехула Дала ши некъ гайтина бусалба адамашна. Цхьана агIор – диканиг, оьзданиг, адамашна пайдениг, хьаналниг, къинхетамениг, стеган дуьне а, эхарт а декъала хир долу, уьш зенех-зуламех, бохамех ларбийр болу гIуллакхаш а, гIиллакхаш а. Оцу новкъа ваханарг Ша зенех-зуламех ларвийр ву, Ша цунна гIо дийр ду, боху Дала. ШолгIа некъ гайтина Дала, оьзда доцу, боьха, хьарам, къиза, адамашна зуламе, бохаме хир долу, церан дуьне а, эхарт а декъаза хир долу гIуллакхаш а, гIиллакхаш а гойтуш. Оцу шолгIачу новкъа ваханчу стеган шегарчу къинхетаме, гIоьне, орцане догдохийла йац, Ша иза зенех-зуламех, бохамех ларвийр вац, цуьнан дуьне а, эхарт а декъаза хир ду, боху Дала. Дала ваьшна, перз дина, тIедехкина ламаз а, марха а, закат а, сагIа а леладо вай, амма Дала бусалбанашна тIедехкина важа декхарш кхочушдан ца хаьа йа ца лаьа вайна, оцу ас бийцинчу шина некъа тIехь галдуьйлу вай. Уьш дерриг а дийца воьлча, дукха хир ду, цундела хIокху шуна хиллачу бохаман бахьанаш дуьйцур ду ас. КIанта зуда йалор а, йоI маре йахар а муха хила деза, майрачун а, зудчун а, доьзалан а йукъаметтигаш муха хила йеза, церан декхарш хIун ду, уьш дерриг а гайтина шариIатехь. ЙоIа а, кIанта а маре деш, оцу шиннан а, церан дай-нанойн а бертахь, шинне агIорхьарнаш реза болуш хила деза. Бертаза, нуьцкъах йигна зуда хьарам йу боьршачу стагана. Шен цIера, дена-нанна хьалхара арайаккхале, ши теш а волуш, имама мах бан беза маре дечу шинна йуккъехь. Маре деш долу ши адам Делах тешаш а, Далла Iамал йеш а хила деза. И шиъ йа шиннах цхьаъ Далла Iамал йеш дацахь, цаьршиннан мах бар ца магадо. Цул совнаха, мах бечу хенахь а, вовшех куьг кхетачу хенахь а догIмаш цIена, ламаз карахь долуш хила деза и шиъ. Мах бечу хенахь тоьшаллина xIoттийнa ши боьрша стаг а хила веза, Делах тешаш, Далла Iамал йеш, догIмаш цIена, ламаз карахь долуш, цIена, хьанала, йамартло йоцуш. Мах бале зудчух хьакхавалар хьарам дина, дихкина. Мах бале и шиъ цхьаьна Iер зина лору, оцу хенахь кхоллавелла доьзалхо къутIа лору, иза ийманехь хир вац, иза дена-нанна а, нахана а бале вер ву, боху. Ткъа аш муха йалийнера Хушуллин йоI?

– Тхан вешина Хушуллин йоI а йезара, йоIана тхан ваша а везара. ЙоьIан да-нана реза дацара тхан веше шайн йоI йаийта. Цундела, йоьIан бертахь, тхан вашас новкъара дIайигнера иза…

– Ткъа шариIато ца магадо ден а, ненан а бертаза йоI маре йигар. ШолгIа, мах бале оцу йоIах куьйгаш ма тоьхна хьан вашас. Мах бина а боцуш, шун кертахь де-буьйса ма даьккхина оцу йоIа. Дена, вежаршна, ден дена, ден вежаршна, иштта гергарчу божаршна а бен, шен йуьхь гайтар зудчунна магош ма дац шариIато. И йоI шаьш йуьгуш, мосазза а шариIат талхийна аш, Дала аьлларг ца дина аш. Изза дина махкатIхойн йуьртдас а. ЙоьIан бертаза йига а йигна, йоьIан бертаза мах а бина, масех баттахь иза шайн кертахь латтийна цара а. ЙоьIан бертаза, нуьцкъах маре йелла ХушуллагIара а. Ша гайтинчу цIенчу, нийсачу некъа тIера ваьллачу стагана диканиг ма ца до Дала. Ткъа и захало долийчхьана дуьйна шу шинне агIорхьарнаш Дала гайтинчу цIенчу, нийсачу некъа тIера йуьстахбевлла лелла. Цундела Дала шуна иза бекхаме даьккхина. ЭлсангIара шайгара йoI схьайаьккхича, шайна эхь дина цара аьлла, церан боьршачу стеган шарбал йаккха дахана шу. Цара шух стаг вийна. Цунна дуьхьал аш Элсан вийна. Элсанна дуьхьал цара Хьамза вийна. ТIаккха аш церан Iадод вийна. Дала адамаш дайа ма ца боху. Ша кхоьллина синош Ша дIаоьцур ду, Шен гIуллакха йукъа шу ма гIерта, ма боху Цо адамашка. ХотIе а доцуш, шена хаа а хууш, бусалба стаг ма ве, ма боху Цо. Бусалба стаг вийначунна Ша гечдийр дац, цунна кечйина жоьжахате йу, иза цкъа а оцу чуьра хьалавер вац, ма боху Дала. Ткъа аш, шинне а агIорхьарчара, байъинарш Делах а тешаш, Далла Iамал а йеш болу бусалбанаш бу. ХотIе а доцуш, хаа а хууш бусалба стаг вийнарг вен магадо бусалба динехь. Куьг бехкениг. Ткъа аш, шиний aгIopхьарчара, куьг бехке боцу нах байъина. Аш къена Элсан вийна, ткъа цара къена Хьамза вийна. ТIаккха аш иштта Iадод вийна. Бехкениг къастош, шариIатехь кхел йича бен, шун бакъо ма йацара и адамаш дайа. МостагIчун цIийнах, тайпанах хилчахьана, шайн аьтто баьлларш байъина аш. Бехке боцурш а. Церан жоьра зударий бисина, бобераш дисина. Наной, хIусамнаной, йижарий, бераш делхийна. Ткъа бахьана хIун

1 ... 10 11 12 ... 167
Перейти на страницу:
Комментарии и отзывы (0) к книге "Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров"